ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1416

2019-чу шеран октябрь беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически декъан нохчийн меттан методиста Чемирзаева Я.С. д1адяьхьира керла балха эцначу, диагностикехь лахара хаарш гайтичу хьехархошца рог1ера цхьанакхетар.
Дийцира ПКЭ белхан 2, 3 дакъош кхочушдарах лаьцна: 2 дакъа - ешначу текстан буха т1ехь доцца жоп даларан т1едахкарш кхочушдарехь карладаха дезачу меттан 1илманан дакъойх лаьцна (морфологи, лексика, дошкхолладалар); 3 дакъа - жима сочинени-ойлаяр (15.1, 15.2, 15.3), кхаа декъах цхьаъ хаьржина, цунна кхоччуш (аргументированни) дуьззина йозанан жоп далар.
Дийцаре дира, 1 дакъа-ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх язбарехь къоначу хьехархоша диначу 1алатех лаьцна а.
Билгалделира, иштта хьехархошца д1ахьош болу болх мехала хилар, церан
хаарш толуш хилар.

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2019 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ