ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3287

СОЬЛЖА-ГlАЛИН МУНИЦИПАЛЬНИ ДЕШАРАН СИСТЕМЕХЬ НОХЧИЙН МАТТАНА ЛЕРИНА ШО ДlАДОЛОШ ВОВШАХКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА

Стеган къам къастош берг - буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан, хьекъалан, дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мехкан Куьйгалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 2023 шо «Нохчийн меттан шо» ду аьлла д1акхайкхадар бахьана долуш, Соьлжа-Г1алин Мэрин дешаран Департамента шуьйра чулацам болуш «Къоман седарчий» ц1е йолу проект х1оттийна дешаран хьукматашкахь болчу кегийрхошна, хьехархошна а. Проект кхочушйарехь, Соьлжа-ГIалин муниципальни дешаран системехь д1айахьа х1оттийна мероприятеш йовзуьйтуш, нохчийн маттана лерина шо д1адолор даздеш, вовшахкхетар д1адаьхьира тахана лоьмар пхиъ йолчу гимназехь. Гимназин фойе чохь, хьалхарчу г1ат т1ера актови зал тIе кхаччалц д1ах1оттийна кхо локаци йара:

▫️Ширачу хIуманийн гайтар (циггахь сурт даккха билгалйина меттиг)

▫️ Х1оттийна сурт – уьйт1е а, саьккал а (уьйт1ахь пеш, дечиг пондар локхуш к1ант, йуххехь лаьтташ воккха стаг, жоьли чохь ага техкош йо1, стоьла хьалха нохчийн киншка йоьшуш йо1)

▫️ Нохчийн йаздархойн суьрташ а, киншкаш а йара гайтамехь Вовшахкхетар долош «Салам» ансамблан декъашхоша гайтира нохчийн хелхар.

Цул т1аьхьа тидаме йиллира нохчийн меттан исторех йолу видеокийсак. Дош делира Соьлжа-Г1алин Мэре Кадыров Шахмомедан Хас-Мохьмаде. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) хилла болу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана хаддаза нохчийн матте терго йар, цунах бахьана долуш, кегийрхой кхетош-кхиорехь аьтто хилар, дукха жимчохь дуьйна берана Даймахке безам кхуллуш, иза цунна марзбеш 1едал хилар, цуьнца доьзна дешаран хьукматашкахь хаддаза д1ахьуш белхаш хилар. Вовшахкхетарх лаьцна баркаллин дош элира Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министр волчу Дааев Буарин Хож-Баудис. Цо тидаме ийцира ненан мотт ц1ена а, хаза а ишколашкахь бийцаро кегийрхошна Даймахке безам г1аттор. «Тахана санна мотт бийца, марзбан, кхио маршо цкъа а хилла йац вайн къоман. Дешаран Департамента х1оттийна проектан г1оьнца нохчийн мотт, культура, г1иллакх-оьздангалла а йовзуьйтуш дешархошна, мотт 1алашбаран, кхиоран болх д1ахьур бу вай кхушара муниципальни системехь. Дала аьтто бойла вайн цу балха т1ехь. Дала лардойла вай ненан мотт бицбина дакъаздовларх», - элира Соьлжа-Г1алин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхо волчу Ахматов Мовлин Зелимхас. Билгалдаккха мегар ду, проект кхочушйарехь муниципальни дешаран системехь д1айахьа х1оттийна мероприятеш йуккъехь бу дай-наной а вовшахтухуш тематически гуламаш; библиотекашкахь а, дешаран вовшахтохаршкахь а, меттан исбаьхьаллин лерина выставкаш; йаздархой, 1илманчаш кхайкхина суьйренаш. Йукъараллехь нохчийн меттан маь1на довзуьйтуш тестировани йийр йу. Иштта д1ахьур долуш ду тайп-тайпана къовсадаларш: эссе, спортивни ловзарш, йешархойн къовсадалар, куьйган говзалла-кхоллараллин выставкаш, арахоьцур ду нохчийн маттахь школьни газета.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ