ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3277

СОЬЛЖА-Г1АЛИН ДЕПАРТАМЕНТАШКАХЬ НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРАХЬ БАН БЕЗАЧУ БЕЛХАН ПЛАН ХlОТТИЙНА

Нохчийн мехкан куьйгалхочо 2023 шо Нохчийн меттан шо ду аьлла д1акхайкхадар бахьан долуш, пачхьенехь цхьамог1а цхьаьнакхетарш хир ду цунна лерина. Соьлжа-Г1алин Мэрин школазхой кхиоран дешаран Департаменто шен программа кечйина.

 Школазхой кхиоран дешаран хьукматашкахь кхиархошна йукъахь «Беза, бовза хьайн Даймохк» ц1е йолуш брейн-ринг, халкъан туьйранашкара суьрташ дахкаран конкурс, оьздангаллин г1уллакххошца цхьаьнакхетар, «Сан деган илли - сан ненан мотт» аьлла ц1е йолу йешархойн конкурс д1айахьа план х1оттийна.

 Чулацаме, мехала цхьаьнакхетарш д1адахьа план х1оттийна хьехархошна а. Кхиархошна лерина кхушарахь семинар - практикум йийра йу: «Нохчийн йаздархойн произведенеш т1ехь театран г1уллакххоша школазхойн Даймахке безам кхоллар», «Нохчийн мотт- халкъан ламасташ, истори, оьздангалла гайтаран а, ларйаран а г1ирс бу» аьлла ц1е йолу горга стол д1ахьур йу, школазхойн дешаран хьукматашкара методисташна лерина семинар кечйийра йу «Школазхойн дешаран хьукматашкахь ФГОС-ан нохчийн мотт кхиаран, 1аморан керла некъаш довзийтар», горга стол «Нохчийн мотт 1аморехь этнокультурин дакъа».

 Иштта нохчийн маттахь мультипликационни фильмаш х1итторан конкурс д1ахьур йу авторшна йукъахь. Кхушарна шуьйра чулацам болуш план х1оттийна Соьлжа-Г1алин дешаран Департамента. Масала, дешаран вовшахтохаршкахь дешархошна лерина «Къоман седарчий» ц1е йолуш проект х1оттийна. Цо доккха дакъа лоцур ду Нохчийн Респуликин кегирхошна йукъахь синъоьздангаллин мехаллаш йовзийтарехь а, кхиорехь а. Проект кхочушйарехь муниципальни дешаран системехь д1айахьа х1оттийна мероприятеш йуккъехь бу дай, наной а вовшахтухуш тематически гуламаш. Библиотекашкахь а, дешаран вовшахтохаршкахь а, меттан исбаьхьаллина лерина выставкаш, йаздархоша, 1илманчаша кхайкхина суьйренаш д1ахьур йу. Йукъараллин машанехь нохчийн меттан маь1на довзуьйтуш тестировани йийра йу дайшна, наношна а.

 Иштта къовсадалар эссе «Халкъ лийриг цахилар цуьнан маттаца доьзна ду», «Кавказан къаьмнийн спортивни ловзарш», йешархойн къовсадалар «Нохчийн меттан сийлалла», гулам «Ненан мотт – Даймехкан хазна», мохкбовзархойн проектийн къовсадаларш «Сан хьоста», куьйган говзалла кхоллараллин выставка д1айахьа дагахь йу Соьлжа-Г1алин дешаран Департамент.

 И доцург а, нохчийн маттахь школьни газета арахоьцура ду, иштта дешархошна йукъахь къовсадаларш д1ахьур ду: фольклорни фестиваль-конкурс «Декалахь б1аьстенан илли», брейн-ринг «Хьекъале корта», школьни театрашна йуккъехь нохчийн маттахь тоьлла д1ах1оттор. Соьлжа-Г1алин Мэрин оьздангаллин Департамента аппаратан белхахошца а, шайн куьйгаллехь йолчу хьукматийн директоршца а кхеташо д1айаьхьира. Цу кхеташонехь дийцаре дира, нохчийн мотт ларбарна а, кхиорна а т1едоьг1на, кхушарахь д1айахьа йезачу шуьйрачу мероприятех лаьцна. Тхо тешна ду, иштта д1абаьхьначу хиламаша 2023 шарахь нохчийн матте массеран безам кхуллург хиларх. Дала аьтто бойла вайн!

ссылка на telegram-канал: https://t.me/depobr_grozny/2470

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ