ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан организацешкахь д1аяьхьира Мамакаев 1аьрбин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу региональни этнографически диктант.

47

Диктант 1алашонаш: -эхь-бехкаман а, гуманизман а, патриотизман а бух т1ехь граждански юкъаралла кхоллар; -Нохчийн Республикин бахархой этнографически а, культурологически а, лингвистически а, Мамакаев 1аьрбин кхоллараллех долу хаарийн т1ег1а билгалдаккхар; -ненан маттехула а, литературехула а, 1илманехула а, дийнна схьаэцча, дешарехула халкъан синмехаллаш яржор а, ч1аг1ъяр а.

Шайн хаарш гайтарехь оцу диктантехь дакъалецира хьехархоша а, дешархоша а, дай-наноша а (х1ора школера 50 декъашхо).

48

Диктантан болх вовшахтохар д1адаьхьира Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически отдело. Диктантан жам1аш хир ду март беттан 30 –г1а де кхачале.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ