ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1592

2019-чу шеран 5-чу декабрехь Ножай-юьртан к1оштан куьльтуран ц1ийнехь д1адаьхьира Гадаев Мохьмад-Салахьан 110 шо кхачарна лерина долу респуликин вовшахкхетар.
⠀ 
Оцу вовшахкхетарехь жам1аш дира 25-чу ноябрехь республикехь д1адаьхьначу Гадаев М-С. 110 шо кхачарна лерина долчу къовсадаларийн: ешаран говзалла таллар, сочинени язъяр.

Ешаран говзалла талларехь 1-ра меттиг яьккхина Сатуев Мохьмада - Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Соьлжа-г1алин №1 йолу юккъера юкъарадешаран гимнази;

2-г1а меттиг - Джамалдаев Султана, школа №16;

4-г1а меттиг - Чеморзаева Ингжила, гимнази №4.

Сочиненин къовсадаларехь 5-г1а меттиг яьккхина Чагаева Эльзас, школа №57.

Толамхошна Дешаран а, 1илманан а Министерствон ц1арах дипломаш, ахчанан сог1аташ дира.

Даггара баркалла ала лаьа, бахьанаш ца лоьхуш, дешархошца 1аморехь, кхетош-кхиорехь болу болх д1ахьош кхимаш болуш волчу хьехархочунна, цуьнан б1аьра хьаьжна, цуьнан эшаре ладоьг1на кхиамаш бохуш волчу дешархочунна.

Аллах1 Дала аьтто бойла вайн къоман мотт, хаза г1иллакхаш лардарехь, кхиорехь, хьехарехь къахьоьгуш волчу массо махкахочун.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ