
Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан планаца цхьаьна дог1уш д1адяьхьира нохчийн меттан хьехархошца рог1ера цхьанакхетар.
Цхьанакхетарехь дийцира ПКЭ белхан 3 дакъа кхочушдарах лаьцна долчу т1едахкаршкахь хьехархоша тидаме эцаза дисинух (жима сочинени-ойлаяр).
Шина баттахь д1абаьхьначу белхан жам1аш деш, хьехархойн вовшех дагабевлира. Церан лаамца, грамматически т1едиллар шеца долуш, диктант язйира.
Билгалделира, иштта хьехархошца д1ахьош болу болх мехала хилар, церан
хаарш толуш хилар.







