
2019-чу шеран сентябрь беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически декъан нохчийн меттан методиста Чемирзаева Я.С. д1адяьхьира керла балха эцначу, диагностикехь лахара хаарш гайтичу хьехархошца рог1ера цхьанакхетар.
Хаарийн белхийн жам1аш 25 балле ца кхаьчначу хьехархошна йовзийтира 2-г1а дакъа кхочушдаран алгоритм: текстан маь1нин анализ; нохчийн меттан суртх1отторан г1ирсаш; чолхечу дешнийн кхолладалар. Шена балха т1ехь зеделлачух дийцира Мужаидова А.С-А., № 1 йолчу гимназин нохчийн меттан хьехархо.
Къоначу хьехархошна иштта д1ахьош болу болх шайна оьшуш хилар, шайн хаарш совдахарна т1ехь къахьега дезаш хилар билгалделира.







