
2019-чу шеран сентябрь беттан 18-чу дийнахь НР Дешаран а, 1илманан а Министерствехь Нохчийн хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан белхалоша д1аяьхьира нохчийн меттан хьехархошна, методисташна лерина семинар. Нохчийн меттан а, литературин а учебникин авторша дийцира шаьш бинчу балхах лаьцна. Керла учебникаш, цаьрца цхьаьна белхан тетрадаш, хьехархочунна г1онна методически пособиш кийча хиларх, цаьрца д1абахьа беза болх керлачу стандарташца (ФГОС) бог1уш хила безаш хиларх.
Семинарехь дакъалецира Соьлжа-Г1алин школашкахь нохчийн мотт хьоьхуш волчу 44 хьехархочо.







