ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1310

2019-чу шеран сентябрь беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически декъан нохчийн меттан методист йолчу Чемирзаева Я.С. д1аяьхьира нохчийн меттан хьехархошца семинар-диагностика.
Семинар-диагностикехь дакъалецира г1алин ишколашкахь 9-чу классехь нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархоша.
Хьехархошна юкъахь кху шарахь дуьххьара ПКЭ кечам бан безаш болу хьехархой а бара. Цаьрца бан безачу белхан хьесап даран 1алашонца д1адаьхьира церан юьхьаьнцара хаарш таллар.
Хьехархойн хаарш талларна лерина талламан белхаш ПКЭ 2,3-г1а дакъош дара (2 дакъа-доцца жоп даларан т1едахкарш, 3 дакъа-сочинени).
30-32 балл яьккхинчу хьехархочун болх кхачаме лара мегар ду. Цул лахара баллаш яьхначу хьехархошца бан лерина болх д1ахьур бу шен рог1аллехь.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ