ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1236

Грозный-г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически декъан белхалоша д1адаьхьира т1едог1учу керлачу 2019-2020-чу дешаран шарна кечамбарехь лерина хьехархойн август беттан секцишка бекъабелла вовшахкхетар.
Нохчийн меттан, литературин секци д1аяьхьира нохчийн меттан методист йолчу Чемирзаева Яхас.
Вовшахкхетаран 1алашо: керла учебникаш йовзийтар, керлачу учебникашца цхьаьна йог1уш, белхан программаш йийцаре яр, белхан тетардех пайдаэцар; ПКЭ д1аяларан жам1аш дийцаре дар; керланиг довзийтарехь мастер-класс; хьехархойн вовшех дагабовлар.
Грозный-г1алин ишколашкахь болчу нохчийн меттан методически куьйгалхошца ша бинчу, бан леринчу балхах лаьцна дийцира г1алин методически цхьанакхетараллин куьйгалхо йолчу Исакова Б.Н. Даханчу дешаран шарахь бинчу белхан жам1аш дира, довзийтира керлачу дешаран шарахь дан леринарг. Билгалдаьккхира, хьунаре долчу берашца беш болу болх жигара баккха безаш хилар, г1орасиз дешархой тидамехь латто безаш хилар.
Нохчийн меттан талламбархо, 1илманча, НПУ нохчийн меттан кафедран доцент, нохчийн литературин (5-7кл.) автор волчу Эдилов С.Э. дийцира керлачу учебникех а, цаьрца йолчу УМК-х а, белхан прогаммех а лаьцна.
Хьуьнаре долчу берашца бан безачу балхах, шайна балха т1ехь зеделлачух лаьцна дийцира № 4 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша Хунарикова П.А., Абумуслимова Б.Ж.
5-чу классе даьхкинчу берийн дешнийн эвсаралла совъяккхарехь ша бечу балхах лаьцна дийцира № 7 йолчу ишколан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йолчу Каимова Ж.С. Керлачу технологих пайда оьцуш, цо гайтира мастер-класс.
Керлачу учебникашца йог1уш, белхан программаш нисъеш ша бинчу балхах лаьцна дийцира Бектамирова А.Н., № 47 йолчу ишколан нохчийн меттан хьехархо.
Д1адаханчу шеран диканаш а, кхачамбацарш а довзуьйтуш, биначу белхан жам1аш дира Чемирзаева Я.С.
Билгалдаьккхира, хьехархоша шайн хаарш совдахарехь даимна а болх бан безаш хилар, ишколашкахь нохчийн мотт а, литература а хьехаран некъаш лаккхарчу т1ег1ан т1ехь хила дезаш хилар а.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ