ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1142

«UROK.95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО: 
Нухаева Зарган Хасмагомедовна - Соьлжа - г1алин №7 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Шен къинхьегаман некъ цо д1аболийна 1993-чу шарахь.
Х1окху школехь 2002-чу шерашкахь дуьйна болх беш схьайог1уш ю иза. Шен болх дика беш, дан ма –дезза, бакъволчу хьехархочун декхарш кхочушдеш ю Зарган. 
Дешархойн Пачхьалкхан коьрта экзаменаш а, олимпиадаш а толлучу экспертийн тобанан декъашхо а ю. 
Нухаева Зарган автор ю 6-чу классан нохчийн меттан хьехархошна г1оьнна язйинчу методически пособин а, 7-чу классан нохчийн меттан белхан тетрадан а. 
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2015-шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.
Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтарна Нухаева Зарганан болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца. 2016-чу шарахь "Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало" аьлла совг1ат дина цунна. 

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ