ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1139

«UROK.95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО: 
Чемирзаева Яха Сайпудиновна - Соьлжа-г1алин Н.А.Назарбаевн ц1арах №1 йолчу лицейн нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. 
1978-чу шарахь болийна Яхас шен къинхьегаман некъ. 
1992-2006-чуй шерашкахь дешаран декъан куьйгалхочун а, дешаран декъехь кхетош-кхиоран куьйгалхочун а белхаш бина. 
1997-2000-чуй шерашкахь школин куьйгалхочун болх бина. Оцу ерриге а хенахь, саццаза Яхас хьехнарг ненан мотт а, т1аьхьарчу шерашкахь нохчийн къоман г1иллакх-оздангалла а ю. 
Шен коьртачех долу декхар лору Яхас — къона т1аьхье 1илманехь, г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор, шена т1аьхьа, ша юьхьарлаьцна некъ д1акхехьа къона хьехархой кхиор. Х1унда аьлча, уьш бу вайн къоман кхане, къоман дозалла хилла д1ах1итта безарш. 
Ненан меттан дозалла, сийлалла, цуьнга дешархойн а, церан дай-нанойн безам кхиорца д1ахьо Яхас шен болх.
Чемирзаева Яха нохчийн меттан хьехархочун болх беш йолу 41 шо ду. 1едалан векалша билгал баьхна Яхин толамаш, кхиамаш Сийлаллин грамоташца, баркаллин кехаташца. 
2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совг1ат дина цунна.
Чемирзаева Яха автор ю 11- чу классан нохчийн литературин хьехархошна г1оьнна язйинчу методически пособин а, белхан тетрадан а.
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн метт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2015-чу шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза. 

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ