
СОЬЛЖА-ГIАЛИН № 5 ЙОЛЧУ ГИМНАЗИН ДЕШАРХОЧО ТОЛАМ БАЬККХИНА «АС НЕНАН МАТТАХЬ ДАЙМОХК БОЬШУ» ЦIЕ ЙОЛЧУ РЕСПУБЛИКИН КЪОВСАМЕХЬ.
Нохчийн халкъан йаздархочун, литературоведан Минкаилов Эльбрусан 70 шо кхачарна лерина литературин-исбаьхьаллин «Орга» журнало дIакхайкхийначу «Ас ненан маттахь Даймохк боьшу» це йолчу конкурсан жамIаш дира Айдамиров Абузаран цlарахчу Нохчийн къоман библиотекехь.
Къовсаме бахкийтина 8-11-чуй классашкарчу дешархойн белхаш бара. Царах тоьлларш билгалбаьхна леррина кхоьллинчу жюрис.
Къовсаман жамӀашца 1-ра меттиг Соьлжа-ГӀалин № 5 йолчу гимназин 10-чу классан дешархочо Элембаева Амирас йаьккхина.
Толамхошна совгIаташ а луш, дIайирзира мероприяти.
Дала тIаьхье беркате йойла!
#нохчийнмотт #толамхо #СоьлжаГIала #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент







