
СОЬЛЖА-ГIАЛИН № 5 ЙОЛЧУ ГИМНАЗИН ДЕШАРХОЧО ТОЛАМ БАЬККХИНА «САН НАНА - НОХЧИЙЧОЬ» ЦIЕ ЙОЛЧУ РЕСПУБЛИКИН КЪОВСАМЕХЬ.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан хаамийн министерствоца цхьаьна «Даймохк» газето Нохчийн меттан денна лерина школийн дешархошна йукъахь тоьлла статья йазйаран «САН НАНА - НОХЧИЙЧОЬ» къовсаман жамӀаш дина Зорбанан цӀийнехь.
Къовсаме бахкийтина 50 гергга 8-11-чуй классашкарчу дешархойн белхаш бара. Царах тоьлларш билгалбаьхна леррина кхоьллинчу жюрис.
Къовсаман жамӀашца 1-ра меттиг Соьлжа-ГӀалин № 5 йолчу гимназин дешархочо Солтамурадов Джалила йаьккхина.
Толамхошна совгӀаташ дӀаделира «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара а, Нохчийчоьнан МинНацИнформан шуьйрачу хаамийн гӀирсийн департаментан директора Музуров Ламберта а.
Дала тIаьхье беркате йойла!
#нохчийнмотт #нохчийнметтанде #СоьлжаГIала #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент







