25 апрелехь Нохчийн меттан Де даздеш, Кадыров Рамзана "Нохчийн Республикина хьалха кхиамаш бахарна" ц1е йолчу мидалца совг1ат дина Грозный-г1аларчу №18 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Магамадов 1елин Резидана.
Дела реза хуьлда ала лаьа иштта, вайна мотт кхиорехь оьшуш долу хьелаш а кхуллуш, меттан дуьхьа доггах кьахьоьгуш схьавог1учу дешаран-1илманан министрана Байханов Баутдин Исмаь1ална а!
Дала сий дойла шун!
Резида, Дала декъала йойла мидалца, хьайн балха т1ехь хуьлучу кхиамашца а!
Дала т1аьхье беркате йойла!