ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3913

НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДIАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГIАЛИН ЛОЬМАР 4 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, Соьлжа-ГIалин лоьмар 4 йолчу ишколехь дIадаьхьира «Нохчийн мотт - сан дозалла» цIе йолу цхьаьнакхетар. Цхьаьнакхетарехь коьрта хьеший бара Соьлжа-Гlалин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхо Ахматов Зелимха, дешаран Департаментан куьйгалхочун заместитель Хизриев Мохьмад, дешаран Департаментан куьйгалхочун гlоьнча Гетиев lумар. Ишколан дешархоша ненан мотт шайна мел хьоме, гергара бу хоуьйтуш, нохчийн маттах лаьцна йолу, бевзаш болчу йаздархойн байташ йийшира, лекхира самукъане эшарш, дира тайп-тайпана хелхарш. Иштта дlайаханчу хенахь хилла lер-дахар гойтуш гlирс вовшахтоьхнера ишколан белхалоша, дешархоша а, кечйинера гуьйренан йалтийн базар. Ахматов Мовлин Зелимхас доккха баркалла элира цхьаьнакхетаран кечам мел бинчунна. Цо тидаме дира, и тайпа гуламаш мехала хилар а, нохчийн матте, гlиллакх-оьздангалле цара безам кхиош хилар а. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ