НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЧУН АБУЛХАНОВА АЗИН СИЙ-ЛАРАМ БЕШ, ЛИТЕРАТУРИН СУЬЙРЕ ДlАЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 2 ЙОЛЧУ ГИМНАЗЕХЬ. Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023-гlа шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, иштта хьехархочун а, хьехамхочун а шарна лерина хьехархойн къинхьегамна терго тIейерзош, Соьлжа-Гlалин дешаран хьукматашкахь дIахьош ду цхьаьнакхетарш а, даздарш а. Иштта нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун Абулханов Ахьматан Азин сий-ларам беш, Соьлжа-ГIалин лоьмар 2 йолчу гимназехь дIайаьхьира литературин суьйре, «Керла хIусам» цIе йолу библиотека схьайоьллуш. Хьехархоша а, дешархоша а довха дешнаш элира Азин хьаналчу къинхьегамах, цуьнан оьздачу гIиллакхах лаьцна. Гулбеллачарна шен балха тIехь зеделларг а довзуьйтуш, церан хаттаршна жоьпаш делира хьехархочо. Бакъдолуш, берийн дегнаш даста а, уьш хьаста а хууш йу вайн говза хьехархо. Ала лаьа-кх цу тайпана похIма долу хьехархой мел бу, ирсе хир йу вайн кхане. Дела реза хуьлда де а, буьйса а ца лоьруш къахьоьгуш болчу хьехархойн! Дала дукха дахадойла шу! #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #литературинсуьйре #СоьлжаГlала #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент
Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного
МЕНЮ
НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЧУН АБУЛХАНОВА АЗИН СИЙ-ЛАРАМ БЕШ, ЛИТЕРАТУРИН СУЬЙРЕ ДlАЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 2 ЙОЛЧУ ГИМНАЗЕХЬ
- Информация о материале
- Категория: Новости
- Просмотров: 687
Нормативные документы
Актуальные документы
Популярные новости
Все права защищены законодательством РФ