ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3563

НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 12 ЙОЛЧУ ГИМНАЗЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023-гlа шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, Соьлжа-Гlалин лоьмар 12 йолчу гимназехь дlадаьхьира «Ненан мотт - Даймехкан хазна» цlе йолу цхьаьнакхетар. Цхьаьнакхетарехь коьрта хьеший бара Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а Министерствон, Соьлжа-Гlалин Байсангуровски кlоштан префектурин, Парламентан аппаратан а векалш. Сий-ларамечу хьешашка маршалла хаттарца, цхьаьнакхетар дlадолош, нохчийн меттан кlоргалла а, исбаьхьалла а шеца йолу Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» цlе йолу байт дlайийшира 7-чу классан дешархочо Ибрагимов Мухьаммада. Шен рогlехь вистхуьлуш Галбацов Iазиман Iабдуллас хаза хьехар дира кегийрхошна, ненан меттан lаьнарца бен, оьздангалла йовза а, йеза а йиш цахилар билгал а доккхуш. Дешаран а, lилманан а Министерствон заместитель волчу Зубхаджиев Вахин Мохьмад-lелас шен вистхиларехь декъалвира массо цхьаьнакхетаран декъашхо Нохчийн меттан шарца. Цо билгалдаьккхира, и тайпа цхьаьнакхетарш мехала хилар а, нохчийн матте, гlиллакх-оьздангалле цара безам кхиош хилар а. Дlайаханчу хенахь хилла lер-дахар гойтуш гlирс вовшахтоьхнера ишколан белхалоша, дешархоша а, кечдинера дуккха а нохчийн даарш. Къаьсстина хьешашна тайнера виъ бере говрашкахь дой хьовзош, шатлакхаш кхуьйсуш, самукъане гучувалар, иштта 4-чу классан дешархоша вовшахтоьхна «Аганан илли» цlе йолу композици а. Хелхаршца, иллешца, эшаршца дlадерзийра цхьаьнакхетар.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ