ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3548

НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДIАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГIАЛИН ЛОЬМАР 6 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, Соьлжа-ГIалин лоьмар 6 йолчу ишколехь дIадаьхьира «Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин хазна!» цIе йолу цхьаьнакхетар. Цхьаьнакхетарехь коьрта хьеший бара Нохчийн мотт кхиоран институтан, радион, Правительствон векалш. Нохчийн мотт кхиоран институтан хьехархочо Вагапова Асета шен йистхиларехь декъалвира массо цхьаьнакхетаран декъашхо Нохчийн меттан шарца. Цо билгалдаьккхира, и тайпа цхьаьнакхетарш мехала хилар а, нохчийн матте, гlиллакх-оьздангалле цара безам кхиош хилар а. Дlайаханчу хенахь хилла lер-дахар гойтуш гlирс вовшахтоьхнера ишколан белхалоша, дешархоша а, кечдинера дуккха а нохчийн даарш. Иштта гайтира хьалхалера берийн ловзарш, гlиллакх-оьздангаллех лаьцна сценкаш, нохчийн хелхарш. Декъашхоша бовзийтира адамийн йуккъехь хилла болу ларам, церан йукъаметтиг. Нохчийн синкъерамца дlадерзийра цхьаьнакхетар.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ