ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ


3517
НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН № 9 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023-гlа шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, Соьлжа-Гlалин А.М. Цебиевн цlарах № 9 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколехь дlадаьхьира «Ненан мотт - Даймехкан хазна» цlе йолу цхьаьнакхетар. Цхьаьнакхетарехь коьрта хьеший бара Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а Министерствон, Соьлжа-Гlалин Байсангуровски кlоштан префектурин, Парламентан аппаратан а векалш. Дешаран а, lилманан а Министерствон заместитель волчу Зубхаджиев Вахин Мохьмад-lелис шен вистхиларехь декъалвира массо цхьаьнакхетаран декъашхо Нохчийн меттан денца а, Нохчийн меттан шарца а. Цо билгалдаьккхира, и тайпа цхьаьнакхетарш мехала хилар а, нохчийн матте, гlиллакх-оьздангалле цара безам кхиош хилар а. Дlайаханчу хенахь хилла lер-дахар гойтуш гlирс вовшахтоьхнера ишколан белхалоша, дешархоша а, кечдинера дуккха а нохчийн даарш. «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо - 2023» къовсаман региональни этапан финалхо - нохчийн меттан, литературин хьехархо йолчу Шаипова Хьавас кечдинера хьешашна «Нохчийн кlентий», «Сан Даймохк» цlераш йолу эшаран совгlаташ. Къоначу йаздархочо Минцаев lальвис хьешийн тидаме йиллира ша йазйина йолу стихотворени «Хьозий, йозий». Иштта хьехархоша Хациев Зураба, Шаипова Хьавас а гайтира нохчийн оьзда хелхар. Хелхаршца, иллешца, эшаршца дlадерзийра цхьаьнакхетар.
 
 

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ