ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3493

СОЬЛЖА-ГlАЛИН ДЕШАРАН СИСТЕМЕХЬ ДlАЙАЬХЬИРА ГОРГА СТОЛ «НЕНАН МОТТ - ДАЙМЕХКАН ХАЗНА».

«Шен ненан мотт халкъо Сий ойбуш, Iалашбахь, Цу халкъан паргIато Цхьаммо а хьошур йац» (М. Мамакаев) Мотт - вайн дахаран уггаре ца хилча йиш йоцу кхетош-кхиоран мехала гIирс а, къоман синъоьздангаллин билгало а йу. Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана йечу тергонах беркат а даьлла Соьлжа-Гlалин дешаран системехь дlахьош бу ненан мотт Iалашбаран а, тIекхуьучу тlаьхьенна иза дIакховдоран а болх. Цу белхан цхьа дакъа ду - Нохчийн меттан шо даздар. Цу lалашонца Соьлжа-Гlалин Мэрин дешаран Департаментан белхахоша лоьмар 14-гlа йолчу гимназехь дlайаьхьира «Ненан мотт - Даймехкан хазна» темина лерина горга стол.   Мехала цхьанакхетарехь коьрта хьеший бара Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а Министерствон, Нохчийн пачхьалкхан университетан, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан, Нохчийн меттан институтан векалш, Соьлжа-Гlалин йукъардешаран хьукматашкара хьехархой а.

Вовшахкхетар дlадолош маршаллин дашца вистхилира Соьлжа-Гlалин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхо Ахматов Мовлин Зелимха. Цо билгалдаьккхира, Нохчийн меттан шо даздаран коьрта lалашо ненан меттан хазна йовзийтар, вайн тӏекхуьучу кегийрхойн матте болу безам кхиор а, царна маттаца доьзна долу гIиллакхаш довзийтар а хилар.   Дешаран а, lилманан а Министерствон заместитель Зубхаджиев Вахин Мохьмад-lелас шен вистхиларехь декъалвира массо горгачу стоьлан декъашхо Нохчийн меттан денца. Горгачу стоьлан программехь дlадийшира нохчийн маттах лаьцна докладш:

 «Нохчийн мотт хьехаран а, кхиоран а хьелаш» - Чемирзаев Сайпудин Яха, Россин Федерацин йукъардешаран сийлахь белхахо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо, хьехархо номинацехь «Дато бухlа» совгlатан лауреат, Соьлжа-Гlалин Мэрин дешаран Департаментан lилманан-методикин Центран методист.

 «Нохчийн Меттан Шо дlакхайкхор – мотт lаморехь а, талларехь а керла гlулч» - Бокун йоl Навразова Хьава, филологин lилманан доктор, профессор, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедран куьйгалхо.

 «Керлачу нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонашца нохчийн меттан Iаматаш нисйар» - Солтаханов Элбекан Ибрахlим, филологин lилманан кандидат, доцент. Нохчийн меттан институтан lилманан ведущи сотрудник, Кадыров l. А-ХЬ. цlарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан университетан кхидолчу къаьмнийн меттанийн кафедран доцент, йуьхьанцарчу классийн (1-4 классаш) lаматийн автор.

 «Нохчийн матто газетехь лелош долу маьlна» - Дадаев Пашин Сайд-Хьасан, йаздархо, публицист, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, Нохчийн Респуликин культурин хьакъволу белхахо, Россин йаздархойн а, журналистин а союзан декъашхо, «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместитель.

 «Кицанашкахь халкъан хекъал» - Хасаров Шаlранин Рамзан, Россин Федерацин йукъардешаран сийлахь белхахо, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо, Соьлжа-Гlалин МБЙХЬ «Кааев Хьасанан цlарах № 54-гlа йолчу йуккъера йукъардешаран ишколан» нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.

 «Йешаран говзалла кхиорехь пайдаоьцу некъаш а, кепаш а» - Солтахьмадан йоl Муслуева Роза, Россин Федерацин йукъардешаран сийлахь белхахо, Соьлжа-Гlалин МБЙХЬ «№ 14-гlа йолчу гимназин» нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.

 «Нохчийн меттан хьехархочун балха тӀехь карлайаьккхинчу ЙКД ФПДС лехамаш кхочушбарехь классал арахьара болх» - Наврдин йоl Исакова Бирлант, Россин Федерацин кхетош-кхиоран сийлахь белхахо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо, хьехархо номинацехь «Дато бухlа» совгlатан лауреат, Соьлжа-Гlалин нохчийн меттан хьехархойн методикин цхьанакхетараллин куьйгалхо, МБЙХЬ «№ 5 йолчу гимназин» нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Горга стоьлан сацам хилира:

Нохчийн мотт ларбар, lалашбар вайх хlоранна декхар хилар чlагlдар, ненан маттаца уьйр хиларца бен къоман кхане хирг цахилар.

 Нохчийн меттан, литературин урокашкахь болх дlабахьарехь йешаран говзаллина тlетовжар.

Предметни жамlаш кхочушдарехь долу кхачамбацарш дlадахьаран lалашонца къоначу нохчийн меттан хьехархошца семинарашкахь беш болу болх жигара баккхар.

Хьехархоша дешархошца классал арахьара бен болх жигара баккхар.

Къона хьехархой кхиоран lалашонца, ишколашкарчу похlма долчу дешархошца НПХЬУ зlе латтор.

«Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» тидамехь латтор, цу тlехь болх бар.

Халкъан барта кхоллараллехула халкъан мотт, истори, синмехаллаш йовзийтар, церан лерам бар.

Нохчийн меттан шарна леринчу мероприятешкахь жигара дакъалацар. Дlайирзира горга стол хьехархошна тIекхуьуш йолу тIаьхье Iаморехь, кхиорехь дуккха а шерашкахь даггара къахьегарна, балха тIехь лаккхара говзалла гайтарна, Нохчийн меттан де даздарца доьзна Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а Министерствон, Соьлжа-ГIалин Мэрин, Соьлжа-ГIалин Мэрин дешаран Департаментан сийлаллин грамоташ а, зезагаш а даларца. Дала тlаьхье беркате йойла!

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ