РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».
Дукхаллин терахь кхоллалуш, суффиксаний, орамний йукъа «м», «н» хlуттуш долчу цlердешнашкахь «ш»-на хьалха «а» йаздо (дегІ - догІ-м-аш, беш - бошм-аш, йоза - йоза-н-аш, саба - саба-н-аш, лам - лаьм-н-аш);
«ар» хlуттучу цlердешнашкахь «а» ца йаздо (диг - даг-ap-ш, гlум - гlам-ар-ш, зlок - зІак-ар-ш);
«р» хlуттучохь йуьхьанцарчу кепехь цханнал сов дешдакъа долчу цlердешнашкахь «а» ца йаздо (доьхка - доьхка-р-ш, бухка - бухка-р-ш, кохка - кохка-р-ш);
йуьхьанцара кеп цхьана дешдекъах лаьттачу цІердешнашкахь «р»-на тlаьхьа «а» йаздо (цlе - цlе-р-аш, шо - ше-р-аш, чlу-чІо-р-аш). Кхидолчу цІердешнашкахь дукхаллин терахьехь чаккхенгахь хезаш шеконан [а] делахь, суффикс «аш» йазйо. Масала: сом - соьм-аш, лар - лар-аш, говр - говр-аш, мур - муьр-аш, хир - хир-аш, бер - бер-аш, горгам - горгам-аш, гlабакх - гlабакх-аш, гlан - гlен-аш, кехат - кехат-аш, синкъерам - синкъерам-аш.