ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3470

«ГРОЗНЫЙ» ТЕЛЕРАДИОКОМПАНИН ЭФИРЕХЬ ГАЙТА ЙОЛИЙНА НОХЧИЙН МАТТАХЬ МУЛЬТФИЛЬМАШ.

Хууш ма-хиллара, Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш Нохчийн Пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин эфирехь гайта йолийна нохчийн матте гочйина берашна лерина мультфильмаш.  ХIора сарахь уьш эфире йовлу 18:50 (ворхI дала итт минот йисча). Ткъа шоьтан суьйранна 18:00 (йалх сахьт даьлча), пхи сери цхьана а тоьхна, йухагойту вайн кегийчу телехьовсархошна. Лараме дай-наной! Тхо тешна ду, хазачу басаршца, аттачу маттаца кечйина мультфильмаша шун берийн самукъадаккхарх, церан гIоьнца нохчийн мотт дика Iемар хиларх а. Жимчохь дуьйна марзбе шайн берашна нохчийн мотт! Ларйе «Грозный» телеканалан эфир!

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ