ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3429

НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДIАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГIАЛИН ЛОЬМАР 39 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, бекарг беттан 30-чу дийнахь Соьлжа-ГIалин лоьмар 39 йолчу ишколехь дIадаьхьира «Нохчийн мотт- гIиллакх-оьздангаллин хьоста!» цIе йолу цхьаьнакхетар. Йуьхьанца хьеший тIеийцира йуьртан тхьамдано. Хьешашка маршалла а хоттуш, цо дийцира ширачу заманахь вайн къам муха даьхна. Гайтира уьстагIий лелош йолу меттиг муха хилла, тIаргIа къажбеш белхи вовшахтохарх лаьцна, аганахь долчу берана локху эшар муха хилла а. Ширачу хIусамехь гайтира верта, тайп-тайпана шаьлтанаш, пондар, ламазан лелош йолу цIоканаш, истангаш. Иштта аьтто хилира цIе латийна йогучу кхерчахь хьокхам, ахьарх сискал йеш хьажа. Сарахь суьйренца кегий нах шовдан йистехь шайн самукъадоккхуш гулбаларх лаьцна а дийцира. Хьеший оти цIа чу кхайкхина церан самукъадоккхуш «Шовданан йист» цIе йолу хелхаран бал баьккхира дешархоша. Цхьаьнакхетаре кхайкхина бара: Соьлжа-Гlалин Меран заместитель-дешаран Департаментан куьйгалхо Ахматов Зелимха, дешаран Департаментан куьйгалхочун заместитель Хизриев Мохьмад, Нохчийн Республикин Парламентан векал Хаджимурадов lийса, министран советник Дунаев Муса, Шейх-Мансуровски кlоштан префектан заместитель Шамсатов Саlид, иштта кхин дуккха хьеший. Ишколан йуьхьанцара классашкара дешархоша ненан мотт шайна мел хьоме, гергара бу хоуьйтуш, нохчийн маттах лаьцна йолу, бевзаш болчу йаздархойн байташ йийшира. Лакхарчу классашкара бераша йийшира Кибиев Мусбекан «Дош» цlе йолу байт, лекхира эшарш «Нохчийчоь», «Даймохк». Мехкарийн тобанаша дира тайп-тайпана хелхарш. Аьтто хилира дечиг-пондар тIехь мукъаме ладогlа. Ишколан белхалоша лаккхарчу тIегIан тIехь кечам бинера цу гIуллакхна. Соьлжа-Гlалин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхо волчу Ахматов Мовлин Зелимхас доккха баркалла элира цхьаьнакхетаран кечам бинчу дешархошна, хьехархошна а. Цо тидаме дира Соьлжа-ГIалин муниципальни дешаран системехь къеггина хаалуш болу нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а болу кхиамаш. «Карарчу шарахь дӀакхайкхийна Нохчийн меттан шо чекхдаларх а, нохчийн мотт Ӏалашбарца а, баржорца а, кхиорца а йоьзна жигаралла нохчийн йукъараллехь йуьсург хиларо йоккха дегайовхо йуьту», - элира цо.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ