ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3383

«НОХЧИЙН МЕТТАН ГОВЗАНЧА» КЪОВСАМАН ХЬАЛХАРА ЭТАП ДlАЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛАХЬ.

Бекарг беттан цхьайтталгlачу дийнахь Соьлжа-Гlалин лоьмар 5 йолчу гимназехь, Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дlакхайкхинчу «НОХЧИЙН МЕТТАН ГОВЗАНЧА» цlе йолчу къовсаман хьалхара этап дlайаьхьира. Къовсаман хьалхарчу этапехь дакъалоцуш вара цхьа бlе шовзткъе пхиъ стаг: нохчийн меттан хьехархой, гlалин бахархой, шайн лаамехь. Декъашхошна билгалдинарг ткъе йалх тlедиллар дара. Хьалхара ткъе шолгlа (1-22) тlедахкаршкахь, хlора хаттарна, шен-шена темица догlуш дешнаш йаздан дезаш дара (уьйр-марзо, гергарлонаш, стоьмаш, хасстоьмаш, олхазарш, дитташ, иштта кхин а). Хlора нийса йаздинчу дашна цхьацца балл хир а йолуш. Цул тlаьхьа, деа тlедилларх шиъ - дахарера, дийнатех долу кицанаш даладан дезаш дара, мел далийначу кицанна кхоккха балл хир а йолуш. Кхин ши тlедиллар - чолхе терахь йаздар, терахь нохчийн ахчане дерзор. Хlора тlедилларна коккха балл йаккха аьтто хира бу кхузахь а. Ткъа хlинца вовшахтохаран комитето, хьалхарчу этапан жамlаш динчул тlаьхьа, бlе векал билгалвоккхур ву шолгlачу этапехь дакъалаца. Тхо тешна ду, и тайпа къовсамаш чlогlа мехала а, шортта lама хlума долуш хиларх. Дала аьтто бойла массо декъашхочун!

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ