ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3340

РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ»

Цlердешнийн йукъарчу цlерашкахь а, кхидолчу къамелан дакъошкахь а [й] аз «й» элпаца билгалдо (я, ю, ё, яь, юь элпаш ца йаздеш). Масала: йаздан; йеша; йохка; йало; йига; йурт; йалх; йир; йуьззина; йалхитта; йист; йуьртахь; йахь; йоьжна; йуьхьиг; йаьлла; йоьтти; совйала; йаь1на; йоьхна; шекйала; йаьшка; йузу; дурйан; йемалйан; йоза; тишйала. Билгалдаккхар. 1. Оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тlеэцначу дешнашкахь «я, ю, ё (е)» элпаш йаздо. Масала: компьютер, статья, евро, альянс, фортепьяно, конъюнктив, адъютант, интервью, волонтёр, партнёр, шахтëp. 2. Адамийн цlераш, фамилеш, дийнаташна техкина цlераш, географически цlераш (континентийн, пачхьалкийн, лаьмнийн, гlаланийн, йартийн, урамийн, хийн и. д. кх.) «я, яь, ю, юь, ё, е» элпашца йазйо. Масала: Яха, Яхийта, Якъуб, Янарса, Явус, Яковлев, Ялхой-Мохк; Яьлим, Яьчи, Яьсси-хи, Яьшначу-Махка, Яьхкинчу-Ара; Юнус, Юсуп, Юнади, Юрий, Юлий Цезарь, Юрмала, Юккъера Ази; Юьсп-Хьаьжа, Юьсп-Хьаьжин ирзу, Юьспан Барз, Юьрда-lин; Пётр, Федор, ёлка; Езийра, Емалхан, Елена, Ерда-Корта, Европа, Еврази. Кхийолчу долахь цlерашкахь хезачохь «й» йаздо. Масала: Йаздархойн Союз, роман «Йеха буьйсанаш», «Шема йу-кх, Нохчийчоь» (байт), «Йуха кхана а, селхана санна», «Йерригсоюзни Кхеташо», «Йерригроссийски конференци».

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ