ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3301

«НОХЧИЙН МАТТАХ-НОХЧИЙН МАТТАХЬ» Ц1Е ЙОЛУ ГОРГА СТОЛ Д1АЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-Г1АЛИН ЛОЬМАР 5 ЙОЛЧУ ГИМНАЗЕХЬ.

Соьлжа-г1алин Мэрин дешаран Департаментан планаца йог1уш йолуш лоьмар 5 йолчу гимназехь д1айаьхьира «Нохчийн маттах-нохчийн маттахь» ц1е йолу горга стол. Вовшахкхетаран коьрта 1алашо йара дешар т1ехь тидам керлачу нийсайаздаран бакъонашна т1ебахийтар. Вовшахкхетар д1адолош нохчийн меттан методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо, лоьмар 5 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Исакова Бирланта «Керлачу нийсайазйаран бакъонашца нохчийн мотт хьехаран, кхиоран хьелаш» доклад йийшира. Х1ора хьехархочо цу хьокъехь лелийча пайдехь хир йолу методика йовзийтира, хьехархоша и тема йийцаре а йира. Шолг1а дош ийцира «Кхетош-кхиорехь ненан матто д1алоцу меттиг» ц1е йолчу докладаца Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйхалгочо Бергоева Айзана. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира х1ора урокехь бераш кхетош-кхиорехь хьехархоша жимма хан йайъа йезаш хилар. «Нохчийн литературин урокашкахь дешархой кхетош-кхиорехь г1иллакх-оьздангаллех лаьцна произведенеш йовзийтар» темина доклад йийшира Хасаров Рамзана, лоьмар 54 йолчу ишколера нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо. Рог1ера дош ийцира Магамадова Резидас, 18-чу ишколера нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо. Цо йийшира «Нохчийн мотт – нохчийн синмехаллин бух» аьлла темина доклад. «Нохчийн мотт хьехаран электронни ресурс» темина доклад йийшира Джамиева Сахабата. Шен къамелехь цо «desharkho.ru» сайт хьахийра, цуьнан мехалла а йийцира. «Нохчийн мотт кхиорехь, ларбарехь поэзино д1алоцу меттигах» лаьцна дийцира Саралиева Хедас, лоьмар 8 йолчу ишколин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо. «Къоман седарчий» проекто кхетош-кхиорехь д1алоцу меттигах лаьцна дийцира Эдилсултанов Муслима. 25-чу ишколан хьехархочо билгалдаьккхира т1екхуьучу чкъуран доккха ни1мат долуш хилар и проект. Чаккхенехь лоьмар 13 йолу ишколан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Нинигов Мурада вовшахкхетчарна дийцира «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларехь кхачамбацарш» хиларх лаьцна. Хьехархочо йуха а тидам т1ебахийтира урокашкахь керла нийсайаздаран бакъонаш ларйарна. Цул т1аьхьа «хаттар-жоп» форматехь дискусси хилира. Горга стоьлан чаккхенехь резолюци т1елецира:

5-чу классехь ц1ердешнийн дожарш 1аморна тидам т1ебахийтар. 8-9-чу классашкахь синтаксисан курс йолуш дешнийн диктантаца дожарш, легарш карладахар.

Дешархойн матте болу безам кхоллар.

Дешархошна вайн къоман оьзда г1иллакхаш довзийтар.

«desharkho.ru» сайтах пайдаэцар. Цу т1ехь беш болу болх жигарбаккхар.

Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонашна т1ехь болх алсамбаккхар.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ