ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

2831

СОЬЛЖА-Г1АЛИН МЭРИН ДЕШАРАН ДЕПАРТАМЕНТЕХЬ А, ДЕШАРАН ХЬУКМАТАШКАХЬ А Д1АХЬОШ ДУ НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ ДАЗДАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАНАКХЕТАРШ

Вайн къоман уггаре а коьртачех хазна ю нохчийн мотт. Кхетош-кхиоран мехала гIирс а, къоман синъоьздангаллин билгало а ю иза. Вайн декхар ду ненан мотт Iалашбар а, тIекхуьучу т1аьхьенна кхоччуш ларбина и дIакховдор а. Нохчийн Республикан куьйгалхочо, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана терго латтайо нохчийн къоман  мотт кхиорехьа даима а бан безачу балха т1ехь. Цуьнан омрица 25 апрель, Нохчийн меттан деза Де ду аьлла, билгалдаьккхина ду. Оцу 1алашонца, Соьлжа-Г1алин Мэрин дешаран Департаментан белхахоша 2022-чу шеран оханан беттан 21-чу дийнахь лоьмар 14 йолчу гимназехь д1айаьхьира «Ненан мотт - кьоман кхане» темина лерина горга стол.   Горгачу стоьлан балхьахь коьрта хьаша вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденан Кавалер, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министр Дааев Буарин Хож-Бауди, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а, Министертсвон а, Соьлжа-Г1алин Мэрин а, дешаран Департаментан а, А.А. Кадыровн ц1арах йолчу Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан педагогийн университетан а, Нохчийн меттан институтан а векалш, Соьлжа-Г1алин юкъардешаран хьукматашкара хьехархой.  

Горга стол схьайоьллуш маршаллин дашца вистхилира Соьлжа-Г1алин Мэран заместитель, дешаран Департаментан куьйгалхо Ахматов Мовлин Зелимха. Цо билгалдаьккхира, х1ора шарахь Нохчийн меттан Де даздаран коьрта 1алашо ненан меттан хазна йовзийтар, вайн тӏекхуьучу кегийрхойн ненан матте болу безам кхиор а, царна маттаца доьзна долу гIиллакхаш довзийтар а хилар.   Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министр Дааев Буарин Хож-Баудис шен вистхиларехь декъалвира массо горгачу стоьлан декъашхо Нохчийн меттан Денца. Вайн массеран коьрта декхар тIекхуьуш болчу кегирхошна ненан маттаца доьзна долу оьзда гIиллакхаш довзуьйтуш, цаьргахь мотт безар а, ларар а, Iалашбар а кхиош болу мехала болх д1абахьа безаш хилар билгалдира цо.   Хьешийн а, хьехархойн а, нохчийн мотт хьехарехь, кхиорехь долу мехала хаттарш дийцаре динчул т1аьхьа, сацам хилира:   1. Нохчийн мотт ларбар, 1алашбар вайх х1ораннан декхар хилар ч1аг1дар. Ненан маттаца уьйр хиларца бен къоман кхане хирг цахилар дешархошкахь кхиор; 2. Нохчийн меттан, литературин урокашкахь болх д1абахьарехь йешаран говзаллина т1етовжар; 3. Предметни жам1аш кхочушдарехь долу кхачамбацарш д1адахаран 1алашонца къоначу нохчийн меттан хьехархошца семинарашкахь беш болу болх жигара баккхар.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ