Лераме махкахой!
Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Вайна ма-хаъара, кхушара 14 шо кхочу мехкан Куьйгалхочо Россин турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана шен омрица и билгалдина.
Мотт ца хилча - къам хир доций хууш, цуо вайн меттан х1у ца дайта даимна а хьоьгуш къа ду. Дайн оьзда г1иллакхаш карладохуш, матте болу беза алсамбоккхуш къахьоьгуш ву иза. Иштта Нохчий мотт ларбарехь доккха дакъа лоцурш - вайн хьехархой. Цара вайна т1екхуьу чкъор ненан мотт беза а, нийса бийца а 1амадо. Шен мотт хаар, Даймохк безар, вайн массеран а декхар ду. Къоман уггаре мехала ненан мотт лерина вайн дайша.
Мел хаза бека вайн мотт вонехь-диканехь , цхьанхьа - дог оьцуш, вукхахьа - дог айдеш. Цо хазйо адамийн юкъаметтигаш. Къоман кхане сирлаяккхарехь лаккхарчу т1ег1ан т1ехь лаьтта иза. Маттаца доьзна халкъан дахар, цуьнан г1иллакхаш, оьздангаллин баххаш.
Цундела вайн 1алашо йу, Даймахке а, матте а болу безам йозанехь гайтар. Дала вешан мотт кхио а, беза а хьуьнар лойла вайна! Декъалдойла вайн дерриге а къам Нохчийн меттан сийлахьчу денца!
Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного
МЕНЮ
Нохчийн меттан Де
- Информация о материале
- Категория: Новости
- Просмотров: 1302
Нормативные документы
Актуальные документы
Популярные новости
-
2024-09-13ВЫСОКОБАЛЛЬНИКИ - 2024
Все права защищены законодательством РФ