
2021-чу шеран март беттан 3-чу дийнахь нохчийн меттан метадиста Чемирзаева Яхита д1аяьхьира рог1ера семинар: «Ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх язбаран методически хьехамаш» темина лерина.
Лакхахь билгалъяьккхинчу темина лерина ц1ахь делла т1едиллар дара хьехархошна (аудио тексте ла а доьг1на, билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбан жима йозанан болх).
Т1едиллар кхачаме дара лакхарчу классашкахь (5-11 классаш) хьоьхуш болчу хьехархойн. Кхачамбацарш нисделира юьхьаьнцарчу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархойн. И тидаме эцна, дан дезарг билгадаьккхина, д1ахьур бу болх рог1ерчу цхьанакхетарехь.
Рог1ерчу семинарехь, халххе х1оттийначу чалтарца, йиллина урок д1ахьур № 91 йолчу юккъерчу юкъардешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Цалдаева Фаризас.
Хьехархой балха т1ехь, шайн даржехь кхиарехь шайна оьшург хууш, шайна хаарш гулдеш бу. Дуккха хаттарш хуьлу церан дийцаре дан.
Семинарехь дакъалецира 17 хьехархочо.







