ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

2066

2020-чу шеран декабрь беттан 2-чу дийнахь №48 йолчу школехь къоначу хьехархошца д1аяьхьира «Нохчийн меттан урок керлачу лехамашца д1аяхьар» темина лерина 1аморан семинар. Семинарехь дакъалецира 15 хьехархочо. Семинаран хьалхара дакъа д1адаьхьира нохчийн меттан методиста Чемирзаева Я.С.

Цо дийцира юхьаьнцарчу классашкахь текстехь коьрта а, коьртазниг а муха къастадо, цуьнан чулацам дагахь латто а, иза юха д1аязбан 1амор а муха д1адахьа деза. Изложени дика язйар дозуш ду коьртачу декъана ладог1а а, еша а, дийца а, йаздан а хаарх: ладог1а а, еша а хаар дозуш ду хьо текстах нийса кхетта хиларх; дийца хаарх барта дийцар кхоллалур ду; яздан хаарх жима произведени кхоллалур ю.

Шолг1ачу декъехь, №14 школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Закриева П.С. дийцира, айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь сочинени-ойлаяр (9.3) язъяран методически нийса аг1о муха хила еза. Къона хьехархой шайна х1ун оьшу хууш, де дийне мел дели жигара бу, хаарш гулдеш бу, шайн методически капилка юзуш, шайн 1алашоне хьаьжжина, шаьш бечу белхан жам1аш хила лууш бу.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ