ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

2038

Соьлжа-Г1алин школашкарчу нохчийн меттан а, литературин а къоначу хьехархошна методически г1оьнна лерина семинар

2020-чу шеран ноябрь беттан 18 - чу дийнахь № 48 йолчу школехь къоначу хьехархошца д1аяьхьира «Предложенин коьртаза меженаш» темина лерина 1аморан семинар.
Семинарехь дакъалецира 14 къоначу хьехархочо. Семинар д1аяьхьира «Ю.Д. Дешериевн ц1арах йолчу Лингвистически школин» нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Ахматова З.А. Цо йовзийтира, 5-8 классашкахь коьртаза меженаш хьехаран методика. Цул сов, дийцаре дира синтаксически талламашкахь нислучу халонех лаьцна.

Д1аяьхьина семинар ч1ог1а мехала г1уллакх хилар т1еч1аг1дира къоначу хьехархоша. Корматалла кхиорехь йоккха меттиг д1алоцу ишттачу семинараш, х1унда аьлча и санна долчу вовшахкхетаршкахь къоначу хьехархочунна атта ду, шен хаарийн кхачамбацарш кхио а, т1едуза а.
Къоначу хьехархошца д1ахьош болу болх массо предметашца нисбина бу.

Кхин д1а и тайпа мехала г1уллакх, сацам ца беш, д1абахьа лаам, 1алашо хилар коьртачарех долу декхар ду.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ