НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕННА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 23 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.
2007 шарахь Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана «Нохчийн меттан де» шен омрица чIагIдар вайн махкана, къомана, Делан къинхетамца даьллачу беркатех цхьа беркат ду. Цунна йечу тергонца мелла а кхиамашца дIахьош бу Соьлжа-ГӀалин дешаран системехь нохчийн мотт кхиорехь беш болу болх. Цу хьокъехь Соьлжа-ГӀалин лоьмар 23 йолчу ишколехь дӀадаьхьира Нохчийн меттан Денна лерина «Бекалахь, ненан мотт!» цӀе йолу литературни-эшарийн композицин цхьаьнакхетар. Мероприятин коьрта хьеший бара Соьлжа-Гlалин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхо Ахматов Зелимха, дешаран Департаментан куьйгалхочун заместитель волу Хизриев Мохьмад, Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхало, къона поэтесса Халикова Асет, иштта Россин а, Нохчийн Республикин а Йаздархойн Союзан декъашхой, меттан говзанчаш, къона поэташ: Хизриев Адам, Минцаев Ӏаьлви а. Цхьаьнакхетаран Ӏалашо йара нохчийн мотт уггаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а йаздархоша, Ӏилманчаша нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар, дешархойн исбаьхьаллин даше болу безам кхиор а, алсамбаккхар а.
Дешархоша йийшира нохчийн гӀарабевллачу йаздархойн, поэтийн нохчийн маттах лаьцна йазйина йолу байташ, лекхира хьомечу Даймахках лаьцна эшарш, гайтира забаре сценкаш, нохчийн къоман мехкарийн хелхар. Ахматов Мовлин Зелимхас баркаллин дош элира кечам бинчу хьехархошна а, дешархошна а. Цо тидаме ийцира Соьлжа-ГIалин муниципальни дешаран системехь къеггина хаалуш болу нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а болу кхиамаш. #нохчийнмотт #нохчийнметтанде #25апрель #СоьлжаГIала #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент