2019-чу шеран октябрь беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически декъан планаца цхьаьна дог1уш д1адяьхьира керла балха эцначу, диагностикехь лахара хаарш гайтинчу хьехархошца рог1ера цхьанакхетар. Цхьанакхетар д1адаьхьира Бектамирова А.Н., №47 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Рог1ерачу цхьанакхетарехь дийцаре дира ПКЭ белхан 3 дакъа-жима сочинени-ойлаяр (15.1, 15.2, 15.3) кхочушдарах лаьцна. Кхаа декъах цхьаъ хаьржина, цунна кхоччуш (аргументированни) дуьззина йозанан жоп далар муха д1адахьа деза дийцира Асет Нохаевнас.
Дийцаре дира, 1 дакъа-ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх язбарехь къоначу хьехархоша диначу 1алатех лаьцна а.
Цхьанакхетар ч1ог1а мехала хилар билгалделира. Хьехархошна шена балха т1ехь зеделлачух лаьцна, цхьацца методически хьехамаш бира Бектамирова А.Н.
Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного
МЕНЮ
Диагностикехь лахара хаарш гайтинчу хьехархошца рог1ера цхьанакхетар
- Информация о материале
- Категория: Новости
- Просмотров: 1125
Нормативные документы
Актуальные документы
Популярные новости
Все права защищены законодательством РФ