ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1371

2019-чу шеран сентябрь беттан 25-чу дийнахь, Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан белхан планаца йог1уш йолуш, 9-чу классехь нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархошна лерина д1аяьхьира семинар.
Семинаран 1алашо: 9-чу классехь нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархошна
экзаменна кечамбарехь методически г1о дар.
Дийцаре динарг: 1 дакъа-ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх язбаран методически хьехамех лаьцна дийцира Хунарикова П.А., № 4 йолу гимнази нохчийн меттан хьехархо; экзаменационни белхан 2 дакъа (еллачу текстан буха т1ехь доцца жоп даларан т1едахкарш) кхочушдарх лаьцна дийцира Бектамирова А.Н., № 47 йолу школа, нохчийн меттан хьехархо; экзаменационни белхан 3 дакъа (жима сочинени-ойлаяр 15.1, 15.2, 15.3) язъярх лаьцна дийцира Абулханова А.А., № 2 йолу гимнази, нохчийн меттан хьехархо; 5-8-чуй классашкахь ТБ д1абахьарехь бан безачу балхах лаьцна дийцира Исакова Б.Н., № 8 йолу школа, нохчийн меттан хьехархо.
Нохчийн меттан методист йолчу Чемирзаева Яхас дийцаре дира хаарш талларан белхийн жам1аш. Билгалдаьккхира, хьехархой шайн хаарш содахарехь даима лехамехь хила безаш хилар.
Семинаран болх ч1ог1а мехала, кхачаме лара мегар долуш бара. Хьехархошна шайца д1абахьа электронни г1ирс а бара.
Семинарехь дакъалецира 42 хьехархочо.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ