16-чу школехь д1аяьхьира нохчийн меттан Де даздарна лерина семинар. Семинаран коьчал «Формирование функциональной грамотности на уроках чеченского языка и литературы».
Дуккха а хьеший бара баьхкина.Царна юкъахь бара вевзаш волу иллиалархо Межиев Сахаб, яздорхой: Бексултанов М., Саиев У., Гуьмса-к1оштан къеда Даудов В. Семинарехь йиллина урокаш елира хьехорхоша Даудова М.В.,Закриева Е.А.,Умаева М.С.,Давлетмурзаева Ж.Ж.,Джанаралиева Р.К.
Хьехархоша еллачу урокашна лаккхара мах хадийра Департаментан белхалоша а, Грозни - г1аларчу школашкара хьехархоша а.
Йиллина мероприяти «Ненан мотт - къоман юьхь, халкъан орам» д1аяьхьира Мокуева Х.С., Юсупова Х.С. Иштта «Ширделла дешнаш», ц1е йолу Ибаьхьаллин аре (Поле чудес) д1аяьхьира нохчийн меттан хьехархочо Умаева М.С.