ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

4022

НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 57 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, гIуран беттан ткъе шолгIачу дийнахь Соьлжа-ГIалин лоьмар 57 йолчу ишколехь дlадаьхьира «Ненан мотт - къоман йуьхь, халкъан орам» цIе йолу цхьаьнакхетар.

Мероприятин коьрта хьеший бара Соьлжа-Гlалин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхо Ахматов Зелимха, дешаран Департаментан куьйгалхочун заместитель волу Хизриев Мохьмад.

НеIарехь байташ йешарца тIеийцира дешархоша хьеший. Цул тIаьхьа хелхаран бал а баьккхина, хьехархоша а, дешархоша а хIоттийначу ширачу дахаран сурт ган таро хилира церан: кIудалца хитIа йоьду йоI, хьаьжкIаш тилош мехкарий, ага тахкош Iан йоккха стаг, шур чекхйоккхуш нус, куьйра луьйсуш йоI, тIаргIа къажбеш мехкарий. Иштта дIахIиттийна ширачу хIуманийн гайтар: нохчийн пеш, истанга, куьйра, тIобоккхург, корехь богу къуьда и. дI. кх.

Дешархоша жигара дакъалецира оцу цхьаьнакхетарехь. Цара йийшира нохчийн меттан гIарабевллачу классикийн Даймахках, ненан маттах лаьцна поэзи, тайп-тайпанчу эшаршца хаийтира шайна нохчийн мотт хьоме хилар, гайтира театральни говзалла гIиллакх-оьздангаллех лаьцна постановкица.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Ахматов Мовлин Зелимхас баркаллин дош элира кечам бинчу хьехархошна а, дешархошна а. Цо тидаме ийцира Соьлжа-ГIалин муниципальни дешаран системехь къеггина хаалуш болу нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а болу кхиамаш.

#нохчийнметтаншо #къоманседарчий #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ