НОХЧИЙН МАТТАНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГӀАЛИН ЛОЬМАР 25 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.
Адамийн дахар маттаца доьзна ду, матто кхуллуш ду къам, цуьнца бен довза йиш йац шен къоман ламасташ. Де-дийне мел дели хазлуш йу вайн махкахь ненан меттан хазна. Иза дерриге а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров lабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан!) беркат ду, цо вайна битина некъ бу. Цуьнан беркате некъ дlахьош волчу вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Пачхьалкхан Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхарх доьзна цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Соьлжа-ГӀалин лоьмар 25 йолчу ишколехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалецира:
Нохчийн Республикин йаздархойн союзан декъашхо йолчу Виситаева Туманис
Нохчийн Республикин йаздархойн союзан декъашхочо Юсупхаджиева Азас
«Даймохк» газетан культурин отделан корреспондента Вегиева Маккас Йаздархоша гойтуш долу турпалхочун васт шен ойланехь шех дустар, говзачу, аьхначу маттаца нохчийн матте безам-марзо кхуллуш, иштта хьехархочо гIиллакх-оьздангалле шовкъ-марзо кхуллуш, къоман дахар довзийтарца дlадаьхьира цхьаьнакхетар.
Дешархоша, шайна хазахеташ йолу байташ а йийцира, цаьрца доьзна хаттарш а луш. Дакъалацархоша билгалдаьккхира ишттачу цхьанакхетарша беркате тlеlаткъам бар: кегийрхойн хьежамашна, кхетамна, Даймахке а, ненан матте а безам кхолларна.