ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

3195

МАМАКАЕВ lАЬРБИН КХОЛЛАРАЛЛИН СУЬЙРЕ Д1АЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 34 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ  

2022-чу шеран декабрь беттан 6-чу дийнахь Соьлжа-Г1алин лоьмар 34 йолчу ишколехь д1айаьхьира Нохчийн Республикин халкъан поэтан Мамакаев Шамсудин Iаьрбин кхоллараллин суьйре. Цхьанакхетаран 1алашо йара Йешархойн шарна лерина нохчийн хьакъволу поэт-лирик, йаздархо «Теркан илланча» Шамсуддин к1ант 1аьрби дагалаца. Цхьанакхетарехь дакъа лецира: Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденан Кавалер, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министр волчу Дааев Бухарин Хож-Баудис; Соьлжа-Г1алин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхочо Ахматов Мовлин Зелимхас;  йаздархо, поэт, йаздархойн союзан декъашхо волчу Шамсудин 1аьрбин во1 Эду-Хьажас; халкъан илланчаша Мусхабов Сахьаба, Ульбиев Хизира; Соьлжа-Г1алин ишколашкара нохчийн меттан хьехархоша, библиотекийн белхалоша а. Йоккха сирла лар йитина Мамакаев 1аьрбис шел т1аьхьа, дуьненчохь йаха. Йоккха меттиг д1алоцу цуьнан кхолларалло нохчийн литеритурин дахарехь. Тахана иза вайца вацахь а, йицлуш йац, йа йицйан йиш йац цуьнан ц1е. Цуьнан произведенеш т1екхуьу кегирхой ийманехь хила, Даймохк, 1алам деза, безам ларбан 1амош, кхин б1еннаш шерашкахь йехар йолуш йу адамийн дахарехь. Ша дукха жима волуш да, нана доцуш висаран 1аткъамаш, тешаме доттаг1алла, оьзда г1иллакхаш, догц1ена безам, йо1е к1ентан болу ц1ена безам, халкъан барт гора поэтан лирикехь: «Ден кош т1ехь», «Кет1арчу т1улгера», «Юьртарчу майданера», «Теркан тог1ешкара», «Баркалла хьуна», шен к1анте весет деш санна йазйина «Сайн к1анте». Цхьанакхетарехь таро хилира Мамакаев 1аьрбис йазйинчу «Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е йолчу поэмин цхьана декъе хьовса. Сурт кечдинарш бара Соьлжа-Г1алин юккъерачу ишколин дешархой, нохчийн меттан хьехархой. ​ Кечйинчу суьйренах лаьцна баркаллин дош элира Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министр волчу Дааев Бухарин Хож-Баудис. Цо тидаме дира ненан мотт ц1ена, хаза ишколашкахь бийцина ца 1аш, ц1ахь, х1ора х1усамехь дайша, наноша доьзаллица бийца безаш хилар. Нанас шен ховхачу озаца хазбаре терра бен кхуьур бац цхьана а къоман мотт. Суьйре йерзош къамел дира Соьлжа-Г1алин Мэран заместитель - дешаран Департаментан куьйгалхо волчу Ахматов Мовлин Зелимха. Цо билгалдаьккхира и тайпа кхоллараллин суьйренаш, нохчийн мотт базбеш, лоруш цхьанакхетарш ишколашкахь д1айахьар ч1ог1а мехала хилар. «Со тешна ву, ишттачу цхьанакхетарша беркате т1е1аткъам бо кегийрхойн хьежамашна, кхетамна, безам кхуллу Даймахке, ненан матте. Иштта, вайн маттаца гергарло кхин д1а а ч1аг1луш, безам дегнаш чохь гуттар а хилахь, кхане сирла хира ю вайн», - элира Зелимхас. Цо баркалла элира Мамакаев Iаьрбин кхоллараллин суьйренна кечам бинчу дешархошна, хьехархошна а.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ