z10
z11

 

ДД

на сайт 15

на сайт 25

 

Конкурс

Logo

Поиск по сайту

MinObr Baner
Официальный сайт Министерства образования и науки Российской Федерации

kultura bezopasnosti zhiznedeiatelnosti

Калькулятор заработной платы педагога

Электронное правит

 

Комплекс мер по медернизации общего образования
Федеральный государственный образовательный стандарт

Учредитель:

Грозненская Городская Дума

2018-чу шеран 15-чу октябрехь Нохчийн Республикин хьехархойн институтехь д1аяьхьира «Нохчийн меттан а, литературин а урокаш керлачу лехамашца д1аяхьарехь мехала дерг, нисло халонаш» темина лерина Республикански 1илманан-практически семинар

на сайт 188

2018-чу шеран 15-чу октябрехь Нохчийн Республикин хьехархойн институтехь д1аяьхьира «Нохчийн меттан а, литературин а урокаш керлачу лехамашца д1аяхьарехь мехала дерг, нисло халонаш» темина лерина Республикански 1илманан-практически семинар. Семинар д1аяьхьира НПХьУ нохчийн меттан кафедран куьйгалхо йолчу Навразова Хьава Бокуевнас. Семинаран белхан ладог1архойх вара Грозный-г1алин Мэрин дешаран Департаментан 47 нохчийн меттан хьехархо. Семинаран балхахь дакъалецира Грозный-г1алин Мэрин дешаран Департаментан нохчийн меттан методист йолчу Чемирзаева Я.С. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира, нохчийн литературин урокаш кегийрхой кхетош-кхиорехь доккха маь1на долуш хилар, къоман кхане ненан маттах йоьзна хилар. «Нохчийн литературин урокашкахь керлачу технологих пайдаэцар» темина лерина доклад йира Грозный-г1алин № 48 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин хьехархо йолчу Мусаева Раиса Саидовнас. Цо дийцира, нохчийн литературин урокашкахь керлачу технологих пайдаэцар мел мехала ду, иштта бен болх ша д1а муха хьо. «Мамакаев 1.Ш. дахар а, кхоллараллин некъ а» темина лерина мастер-класс гайтира Дакаева З.С., Дешаран центран нохчийн меттан, литературин хьехархо йолчу. Мастер-класс лерина яра Мамакаев 1.Ш. б1е шо кхачарна. Вовшахкхетар дерзош, Навразова Х.Б. баркаллин дош элира Грозный-г1алин Мэрин дешаран Департаментан белхалошна, нохчийн меттан хьехархошна. Билгалдаьккхира, иштта цхьаьна дахьош болу болх ч1ог1а мехала хилар.