ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

2282

2021-чу шеран март беттан 24-чу дийнахь №26 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Хамзатханова Милана Ханибовнас д1аяьхьира рог1ера 1аморан семинар: «Предложенехь дешнийн уьйр» темина лерина.
Семинаран тема хьалххе билгалъяьккхина практически а, теоретически а декъех лаьтташ яра.

Милана Ханибовнас дийцира, предложенехь дешнийн уьйр маь1ница, уггаре хьалха шина кепара хилар (цхьанакхетаран, карара).
Цхьанакхетаран а, карара а уьйраш йийцаре йинчул т1аьхьа, текстаца а, таблицица а болх бойтуш, т1еч1аг1дира семинарехь дийцинарг.

Семинарехь бинчу белхан жам1 деш къоначу хьехархоша язйира жима сочинени-эссэ, цу юкъара бартбаран, урхаллин, т1етовжаран уьйраш билгал а ехира цара.

Семинаран болх, вовшахтоьхна материал хьехархой резаболуш яра. Къоначу хьехархошна довза а, 1ама а дуккха керланиг дара.

Рог1ера семинар, халххе х1оттийначу чалтарца, д1ахьур Ю.Д. Дешериевн ц1арах йолчу Лингвистически школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Ахматова З.А. 

Семинарехь дакъалецира 12 хьехархочо.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ