ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

2195

Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан планаца цхьаьна йог1уш а йолуш, 2021-чу шеран февраль беттан 24-чу дийнахь нохчийн меттан метадиста Чемирзаева Яхас д1аяьхьира рог1ера семинар: «Дешархойн барта хаарийн, диктантийн, изложенийн мах хадорехь куьйгалла оьцу некъаш» темина лерина.

Шен къамел долош, Яхас довзийтира Нохчийн Республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн ассоциацин кхеташонехь, бийцаре а бина, т1еэцна нохчийн меттан а, литературин а йозанан белхийн барамаш. Иштта йовзийтира дешархойн барта хаарийн мах хадоран критериш:

-Дуьззина а, нийса а жоп далар;
-Хаарийн кхетаман барам хилар;
-Нохчийн литературин меттан норманаш ларъеш жоп далар.

Дийцаре дира диктантийн, изложенийн мах хадорехь куьйгалла оьцу некъаш. Даккхий гӀалаташ лору:

-Хьалхенца Ӏамийна а, йозанехь алсам пайдаоьцуш а йолу орфографичсски, пунктуационни бакъонаш талхош долу гӀалаташ;
-Мукъазчу элпашна юккъе яздеш долу къасторан хьаьркаш, масала хӀаллакьхилла, меттахъхъайра;
-Дсшхьалхенца йолчу я чолхечу инфинитиван суффиксийн язъяр;
-Хандсшнех хиллачу тайп-тайпанчу къамелан дакъойн яздар (оху -охуна я охана,  тоьгу - тоьгуна я тоьгана);
-Хандешан ихначу хенан язъяр, масала: бохура я бахара, моьттура я моттара;
-Кху кенара цӀердешнийн яздар: дечиган я дечган, эчиган я аьчган;
-ЦӀердешнийн а, билгалдешнийн а массо къобалйина тӀеэцна йолу яцйинчу а, юьззинчу а форманийн язъяр, масала: гӀуллакх я гӀулкх, гӀиллакх я гӀилкх.

И тема йийцаре яр дехнера хьехархоша. Семинаран болх ч1ог1а кхачаме хилар билгалделира. Шайца д1аяхьа материал а хилира къоначу хьехархошна.
 
Семинарехь дакъалецира 21 хьехархочо.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ