ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

2125

Нохчийн меттан а, литературин а къоначу хьехархошна методически г1о-накъосталла дар.

Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан планаца цхьаьна йог1уш а йолуш, 2021-чу шеран январь беттан 20-чу дийнахь №4 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, нохчийн меттан эксперт йолчу Хунарикова П.А. д1аяьхьира рог1ера онлайн-семинар: «Меттан суртх1отторан г1ирсаш» темина лерина.

Цо шен къамелехь дийцира, меттан суртх1отторан г1ирсех литературехь, вовшийн дечу къамелехь пайдаэца хаар мел мехала ду. Меттан суртх1отторан г1ирсаш вайн къамелехь ч1ог1а оьшуш бу: муьлххачу меттехь деш долу къамел тодан, ладуг1учун ладог1а догдаийта, дуьйцуш долчун исбаьхьа сурт духьалх1оттийта. Кица ду вайнехан «Кица къамелан туьха ду».

Эрна аьлла дац и. Туьха ца хилча, чам ца хуьлу юучун. Туьхано юучунна беш болу чам санна, меттан суртх1отторан г1ирсаша тодо, хаздо къамел. Коьртаниг, меттан говзалла, меттан исбаьхьалла, меттан хазалла ю, адамийн юкъаметтиг лелош йолу. Оьзда ю, делахь а, говза хила еза меттан хазалла.   

Онлайн-семинаран болх, тахана кхолладеллачу хьолаца, ч1ог1а мехала г1уллакх хилар т1еч1аг1дира къоначу хьехархоша. Корматалла кхиорехь йоккха меттиг д1алоцу цо, х1унда аьлча, и санна долчу вовшахкхетаршкахь къоначу хьехархочунна атта ду, шен хаарийн кхачамбацарш кхио а, т1едуза а. Керлачу технологих пайдаэцар, з1енан таронаш йовзар, цаьргахула хаамаш баран корматалла оьшуш хилар а хаало.  

Кхин д1а а, и тайпа мехала г1уллакх, сацам ца беш, д1адахьа лерина ду. Коьртаниг-къона хьехархо, шовкъе волуш, кхиа а, хила а лууш хилар ду. Семинарехь дакъалецира 18 хьехархочо.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ