ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1834

Лераме махкахой!

Соьлжа-Г1алин Мэрин дешаран Департаментан ц1арах а, сайн ц1арах а ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан Денца!

Вайна массарна а мехала деза де ду х1ара, х1унда аьлча вай декхарийлахь ду вешан мохк, мотт беза а, цуьнан сий, ларам бан а.

Къоман стом бу ненан мотт, цуьнца бен хуьлийла дац вайн дахаран хазна.

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжас олуш ма хиллара: «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о ю нохчийн мотт». Матто латтош ду къам, и д1атесча духу цу къоман г1иллакхаш а, оьздангаллин баххаш а.

Со тешна ву, мехкан куьйгаллехь халкъах а, маттах а дог лозуш, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан мел ву, къоман кхане сирла хирг хиларх!

Дала т1аьхье беркате йойла вайн, ирсе дог1ийла Нохчийчохь х1ора а де!

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ