ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1511

Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан балхаца цхьаьна йог1уш йолуш, гуьйренан каникулашкахь (28.10-02.11.2019 шо) д1аяьхьира 9-чу классехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болчу, керла балха баьхкинчу къоначу хьехархошна лерина курсаш.
Хьалхара де, 28 октябрь, хьехархоша д1адаьхьира Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетехь д1аяьхьначу семинарехь «Нохчийн мотт хьехаран а, кхиоран а проблемаш, керлачу урокан стуктура» темина лерина. Семинаран балхахь дакъалецира 63 хьехархочо, №№ 11,20,35,39 йолчу школийн дешархоша.
2020-чу шарахь ПКЭ д1аяларехь хинболчу хийцамех лаьцна а, нохчий мотт хьехарехь оьшучу хааршна т1ехь хьехархошна г1одаран 1алашонца лекцеш д1аяьхьира: Эдилов С.Э., 1илманча, 1илманан академин декъашхо, 5-7-чуй классийн нохчийн литературин автор; Вагапова А.Б., нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан 1илманан сотрудник; Хунарикова П.А., эксперт, Соьлжа-Г1алин № 4 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Бектамирова А.Н., Соьлжа-Г1алин № 47 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Исакова Б.Н., г1алин нохчийн меттан хьехархойн методитески цхьанакхетараллин куьйгалхо, № 8 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Къоначу хьехархошна лерина мастер-класс гайтира: Садулаева А.А. (1.Ш. Мамакаев «Садаьржаш»), № 63 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Закараева П. С-Э. (Гадаев М-С. дахар а, кхолларалла а), № 14 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Курсашкахь пайдаэца х1ума дукха карийра хьехархошна, х1ора лекцин материал, электронни 1ирсаца, шайца д1аяьхьира. Баркаллин дешнашца хьехархоша берзийра к1иранах бина болх.
Курсаш д1аяьхьира нохчийн меттан методиста Чемирзаева Я.С.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ