ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1143

«UROK.95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО: 
Джамиева Cахабат Умархаджиевна - Соьлжа - Г1алин №8 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Шен къинхьегаман некъ цо д1аболийна 1979-чу шарахь.
Дахаран дуккха а шераш берашна школехь хьоьхуш д1адахна цуьнан. Нохчийн мотт кхиорехь, цуьнга дешархойн безам кхиорехь къахьегар - шен сийлахь декхар хета Сахабатна. 
Нохчийн меттан говзалла лакхаяккхарехь болх беш къахьоьгу цо. Шен болха т1ехь зеделларг хьехархошна довзийтар мехалла лору Сахабата. 
Белхан накъосташа а, дешархоша а лоруш нохчийн мотт хьехарехь керланиг лоьхуш, Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартийн лехамашца дог1уш, керланиг юкъадалош къахьоьгуш схьайог1у иза.
Джамиева Сахабат автор ю 6-чу классан нохчийн меттан хьехархошна г1оьнна язйинчу методически пособин а, 7- чу классан нохчийн меттан белхан тетрадан а. 
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2015-шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.
Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтарна Джамиева Сахабатан болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца. 2016-чу шарахь "Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало" аьлла совг1ат дина цунна. 

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ