ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

1568

№ 48 йолчу школехь къоначу хьехархошца д1аяьхьира «Нохчийн меттан урок керлачу лехамашца д1аяхьар» темина лерина 1аморан семинар. 
Семинарехь дакъалецира 22 хьехархочо. 
Семинаран хьалхара дакъа д1ад1аьхьира хьехархойн хаарш талларехь бинчу белхан жам1аш деш, кхин д1а дан дезарг билгалдоккхуш. 
Шолг1ачу декъехь, № 39 школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йолчу Гакаева Лида Лечаевнас дийцира керлачу лехамашца д1аяхьа езачу урокан план муха хила еза, цу юкъахь хила деза дакъош муьлхарш ду. 
Хьехархочун белхан дикалла, цо шена хьалха х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина, хила леринчу жам1ехь доьзна ду. Оцу 1алашонца д1абахьа лерина бу къоначу хьехархошца беш болу болх.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ