«UROK.95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО:
Абулханова Аза Ахметовна - Соьлжа - Г1алин №2 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1989 – чу шарахь д1аболийна цо шен къинхьегаман некъ.
Муьлххачу а бакъволчу хьехархочо санна, шен хан а, могашалла а ца кхоош къахьоьгуш схьайог1у иза. Шен дешархойн дог эца хууш, г1иллакх-оьздангалла гойтуш, Даймахке, ненан матте а к1оргге безам кхиош къахьоьгу цо.
Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартийн лехамашца дог1уш, керланиг юкъадалош, ламасталлин а, инновационни а дешаран говзаллех пайда оьцуш говза д1ахьо цо шен болх. Абулханова Аза автор ю 7-чу классан нохчийн меттан хьехархошна г1оьнна язйинчу методически пособин.
Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтаран Азин болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца.
2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совг1ат дина цунна.
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2017 - шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.
Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного
МЕНЮ
Деятельность
«UROK.95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО
- Информация о материале
- Категория: Новости
- Просмотров: 2477
Нормативные документы
Актуальные документы
Популярные новости
Все права защищены законодательством РФ