2020-чу шеран сентябрь беттан 23-чу дийнахь, Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически декъан планаца цхьаьна йог1уш, д1аяьхьира нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн семинар.
Семинаран 1алашояра, 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархошна ПКЭ кечамбарехь г1о дар, керланиг довзийтар.
Семинаран балхахь дакъалецира Ю.Д. Дешериевн ц1арах йолчу лингвистически школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Ахматова З.А.
Цо гайтира «Т1етухучу предложенийн кепаш» темина лерина мастер-класс.
Дийцире дира, хьехархочун белхан дикалла, цо шена хьалха х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина, хила леринчу жам1ех доьзна хиларх а.
Семинарехь дакъалецира 52 хьехархочо.
Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного
МЕНЮ
Деятельность
2020-чу шеран сентябрь беттан 23-чу дийнахь, Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан 1илманан-методически декъан планаца цхьаьна йог1уш, д1аяьхьира нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн семинар
- Информация о материале
- Категория: Новости
- Просмотров: 1537
Нормативные документы
Актуальные документы
Популярные новости
-
2023-07-11ВЫСОКОБАЛЛЬНИКИ - 2023
Все права защищены законодательством РФ